Бадр гlазотехь, керистанеха эскар схьадеан Бусалбанахан доьхьал лаьтташ дара, латар дlадодала герга дара, Пайхамара(саллаллахIу lалайхlи васаллам) хьала а гlеттана элара шен Сахьабашка:
Хьалгlовтта! Стигла а, латта а санна шен шоралла йолчу Ялсамане кхача Хьалгlовтта.
Тlаккха lумайр бин Хьумама(Дела реза хуьлийла цунна) элара:
Хlай Аллахlан Элча, Стигла а, латта а санна шуьйра Ялсамане хира ю тхуна?
Пайхамара(саллаллахIу lалайхlи васаллам) элара:
Хира ю!
lумайра элара: Марж Ялсамане яl! Марж Ялсамане яl!
Тlаккха Пайхамара шег хаьттича, и хlунд боху ахь Хlай lумайр аьлла, цо жоп делара:
Валлахlи ас и бохуш ма дац, сой цу Ялсамане охlлунах хила луаш бенна.
Пайхамара(саллаллахIу lалайхlи васаллам) элара цуьнга:
Хьо цуьна Охlлунах вукха!
Иштта йолчу цу Ялсамане охlлунах вукха хьо Хlай lумайр..
Цултlаьхьа буйнахь схьааьцна хурманаш йаа волавелира lумайр, гlазот доладалле шен дегlе жимма гlора доиташ.
Тlаккха цо элара:
لئن أنا حييت حتى آكل تمراتي هذه إنها لحياة طويلة..
"Хlара хурманаш чекх йовлалца со вахахьам, ма деха дахар ду-кха иза "
Шен буйнахь йолу хурманаш йаал долу дахар ма деха хийтаркх lумайран, ша Ялсаманега сатесча, шега хьоьжуш Ялсамане юй хиъчахь..
Иза а аьлла хурманаш вахьа кхисна Гlазоте чухьаьдира lумайр, цигахь иза дlакхелхира..
Дала Къинхетам бойла lумайр бин Хьумамах.