Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.
Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Ибн Хьиббан
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду». Муслим.
Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна». Ибн Ма́джахI
И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.
Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.