TGStat
TGStat
Type to search
Advanced channel search
  • flag English
    Site language
    flag Russian flag English flag Uzbek
  • Sign In
  • Catalog
    Channels and groups catalog Search for channels
    Add a channel/group
  • Ratings
    Rating of channels Rating of groups Posts rating
    Ratings of brands and people
  • Analytics
  • Search by posts
  • Telegram monitoring
Shamil Didi

24 Nov 2022, 16:44

Open in Telegram Share Report

ИСТАМУЛЕХЬ

Джамáлдина

***
Тешалла дар

«Нана», — олуш цхьаммуо хеза
есачу чоьнашийн цIийзаршкахь.
«Нана», — кхойкхуш ша дIахеза
нанна сингаттамечу гIенашкахь.

Динча дуьйна цхьалха долучу адамашийн
доIанаш суна дIахазийта лаьа.

***
Мусафир

ХIордкемас дIавигнехь а,
Вайн дада суьйрана рагIу кIела волу,
Чай молуш, тийна-таьIIина сигаьрка а узуш;
Шекарийн бIелигашах бIаьрг кхетча,
Цуьнан дуьненан бералла дагатосу.

***
Миджнур

Сатосушчу хенахь
Сох хилира хьо дуьнене йийцар,
Бода баьржачу хенахь
Сох хилира хьоьх лаьцна ладугIучеран лерса,
Цул тIахьа метрохь суна йайра хьо пхиазза,
ЦIера араваьлла воццушехь цкъазза а.

***
Рубаи

ХIуман мало йо олий даима хетара:
Дахаран, белхан меттиган, дешаран а.
Амма стигалан я жайнан агIоре хьаьжча,
Хьой маьрша вуйла даима кхетара.

***
Лаьттайуккъера хIордас схьаеъна гуьйре

Дика ду-кх вайн юккъахь байт ала йиш йолуш.
Цу тIера молу вай ракы.
(Цара ракы молу)
Дика ду-кх можа патарш когашан бухахь хаалуш.
Цу тIера молу вай ракы.
(Цара ракы молу юха а)
Дика ду-кх кху некъехь схьаган мегаш тулгIенаш.
Цу тIера молу вай ракы.
(Мегар буй те уьш оццул ракы мелча?)
Дика ду-кх доттагIий вайн цхьаллин схьакарбеш.
Цу тIера молу вай ракы.
(БIагор хьийзаш молу цара ракы)
Дика ду-кх духушшехь дуьне вай дийна долуш.
Цу тIера молу вай ракы.
(Гарсонан ца лаьа царн кхи ракы кхехьа)
Дика ду-кх дагатаса а схьагина вайн безамаш.
Цу тIера молу вай ракы.
(Ведаршкахь моьлу цара ракы)
………..
(Хазахетарн кхи дIа ца карадо дешнаш)

***
Нохчийн весет

Тапъаьлла Iелахь, хьой вуйла а ца хоийтуш,
Ша резацахилар боршсаган гайта товш дац.
Амма цу тIедаьлча хьо стенна реза вац?
Ду эзаршкахь маьждигаш, ишколаш ткъа дукха яц?

Хьажа-хь, малх мел хаза схьакхетта махкан тIе,
Полицийн хьо вовзарн билгало юй те,
Паччахьан мас-маликийн орца и дуй те?
Ткъа дацахь, тапъаьлла Iелахь, хьой вуйла а ца хоийтуш,
ТIаккха хьо вехар ву дуккха а, могуш а.
Турпалхой миллион шерашкахь беха.

***
İnsanlar

Дуьненахь тайп-тайпан нах хиларн воккхавин ца волу со:
Къена а, къона а, лекха а, лоха а;
Балхахь а, некъахь а, стипендехь а, пособехь а;
Со хIора дийнахь гIотту царга бIаьрг тоха,
Уьш хилар карладаккха ас язабо хIора могIа.

106 0 0 5
Catalog
Channels and groups catalog Channels compilations Search for channels Add a channel/group
Ratings
Rating of Telegram channels Rating of Telegram groups Posts rating Ratings of brands and people
API
API statistics Search API of posts API Callback
Our channels
@TGStat @TGStat_Chat @telepulse @TGStatAPI
Read
Академия TGStat Telegram Research 2019 Telegram Research 2021 Telegram Research 2023
Contacts
Справочный центр Support Email Jobs
Miscellaneous
Terms and conditions Privacy policy Public offer
Our bots
@TGStat_Bot @SearcheeBot @TGAlertsBot @tg_analytics_bot @TGStatChatBot