TGStat
TGStat
Type to search
Advanced channel search
  • flag English
    Site language
    flag Russian flag English flag Uzbek
  • Sign In
  • Catalog
    Channels and groups catalog Search for channels
    Add a channel/group
  • Ratings
    Rating of channels Rating of groups Posts rating
    Ratings of brands and people
  • Analytics
  • Search by posts
  • Telegram monitoring
Shamil Didi

17 Dec 2022, 12:44

Open in Telegram Share Report

ЦХЬА ИЛЛИ САННА

***
Уьншарлера романтик

БIешерашкахь йиначу набарх самаваьккхича со,
Беран санна юханехьа Iамош суна абат,
— «Безам» дош —
Хьехархочуьнан багара дера дара хеназа,
Дагадоийтуш генара гIан: полла санна детталург,
Диц ца далийта ша шейн ма-хуьйлу гIертарг.
ТIаккха со гIур вара дуьне мел ду,
Хьуна везна волу сой юханехьа схьалаха,
Хатта цуьнга хьо дийна йолуш муха яра,
Цу хенахь йехачу цхьан йоIан áматехь
Хьан уьншарлера амат цхьан кепара юхакхолла.
ТIаккха цу хенара Iилманан наха
ХIоттор яра суна лерина музей,
Неонан басаршкахь транспарант юьллуш:
«Уьншарлера романтикаш хьовсийш муха баьхха».
Со вовза бохучу нахега со хьоьжур вара цецваьлла,
Сой сингаттаме маймал бен доцийла тIехькхиъна.

***
Назма

Дáлла бу хастам кхолларн вайн бIаьргаш,
Стигалла а, когаш кIела а хьажа йиш йолуш;
Дáлла бу хастам кхолларн вайн дешнаш,
Хиларн а, цахиларн а цIе тилла йиш йолуш;
Дáлла бу хастам кхолларна Iожалла,
Къоьлла мацца яьлла а чекхъера йолуш.

***
Клише

«Воьттина ву-кх хьо цу клишенашах», —
соьга аьлла Мусайн Рамзанас.
Суна-м ца хаьа уьш мичара йоьвла сан,
Луьйчуш ма ву со хIора кхаа дийнахь,
Тишъеллехь а бедарш сан, юьттуш ма ю ас,
ЦIенчига дIа а ма вуьжу со, схьахетарехь,
Йа йахъелла месаш сайн дIаларгийта еза те?
Хьена хаьа клишенашах цIанвала муха веза,
Цу тамашийначу лазарх тáвой хиджамас?

***
Чохьлазар

Иллешкахь буьйцушчу турпалхошшан а
Наг-наггахь чохьлазар кхетий
Дуьйцуш волу илланча хила лууш ву со,
Хьой а, сой а санна нах буй уьш гойтуш.
Мел болу консерваторийн и критикаш
Хьербоьвла хIуттур бара кхайкхада неIалташ,
Амма цул тIаьхьа турпал са паргIат церан даьлччехь,
ЦIеххьана чохьлазар шейна схьакхетча,
Шекбовлур бара уьш, Далла дIаиэцарг и илланча
Юха-а-тIаккха-а бакъ вуй те олуш.

***
Цхьа илли санна

Меттиг бу цхьанхьа,
Адаман дахар диканне хийцалу.
Мацалла хьоьгучунан доIанах
Цу меттехь довха бепиг хуьлу,
Йийсарехь бáлошчу нахана
Долу дуьне орцаха долу.

Меттиг бу-кх цхьанхьа,
ДIакхача паспорт а ца оьшург;
Салтешанн, спецслужбашанн а
Картехь карийр боцург.

Меттиг хир бу-кх цхьанхьа, буй,
Хьуна а, суна а Iа там болуш?
Цхьаьна кепар басахь байракх
Шен доьхьа лиэ вайга бохуш йоцуш.

Нагахь санна цу меттиган
Мацца а хила меттиг бацахь,
Со а, сан гIуллакхаш дуьненахь
Цкъа а хилла дац.

48 0 0 5
Catalog
Channels and groups catalog Channels compilations Search for channels Add a channel/group
Ratings
Rating of Telegram channels Rating of Telegram groups Posts rating Ratings of brands and people
API
API statistics Search API of posts API Callback
Our channels
@TGStat @TGStat_Chat @telepulse @TGStatAPI
Read
Академия TGStat Telegram Research 2019 Telegram Research 2021 Telegram Research 2023
Contacts
Справочный центр Support Email Jobs
Miscellaneous
Terms and conditions Privacy policy Public offer
Our bots
@TGStat_Bot @SearcheeBot @TGAlertsBot @tg_analytics_bot @TGStatChatBot